1 Делан цӀа долчуьра схьавогӀуш вара Ӏийса. Цу цӀийнан кертахь йолу гӀишлош Цунна гайтархьама, Ӏийсана тӀебаьхкира Цуьнан мурдаш.
Сари-ЯхӀус Ярми-ЯхӀуга элира: «Хьожуш хилалахь: хьо Бавеле кхаьчначул тӀаьхьа хӀара дерриг а цигахь дӀадешалахь, иза массарна а дӀа а хозуьйтуш.
Меттайолахь, Ярушалайм, Сан дог хьайх ма даккхахьа. Хьайга бохург ахьа ца дахь, Ас хьуна букъ берзор бу, хьан латта дассор ду, цигахь цхьа а стаг ца вехачу тайпана».
ТӀаккха Цо соьга элира: «Адаман кӀант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гӀуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чӀогӀа дегазниг а гур ду».
Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!
Иза, Делан цӀийнан керта а веана, нах Ӏамош волчу хенахь динан коьртачу дайша а, къаноша а, Кхунна тӀе а баьхкина, хаьттира: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?»
Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!“»
ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»