Ткъа ахь, Ӏезар, хьан Дала хьуна деллачу хьекъалца куьйгалхой а, кхелахой а дӀахӀиттабе. Уьш Эпрат-хил дехьа малхбузехьа болчу а, хьан Дала беллачу товрат-хьехамашца бехаш болчу а нахана тӀехь куьйгалла деш хир бу. Ткъа и товрат-хьехамаш ца хууш болчарна Ӏамабе уьш.