Маттай 22:3 - Делан Йозанаш3 Цо шен ялхой бахийтина хилла, хьалххе кхайкхина хиллачу хьешашка тойне схьадуьйла аьлла, амма вукхарна цига бахка ца лиъна. Ver Capítulo |
Аса шу долчу юх-юха а массо а Сайн ялхой болу пайхамарш бохуьйтура дӀаала: ‹ДӀадовла шайн вочу некъаш тӀера, сацаде шаьш лелош долу хӀуманаш, дӀадовла кхечу деланашна тӀаьхьара, царна Ӏамал а еш. Аша Аса бохург дахь, Ас шуна а, шун дайшна а деллачу хӀокху лаьтта тӀехь дехар ду шу›. Амма аша Ас шайга бохучуьнга ла ца дугӀура.