Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 21:6 - Делан Йозанаш

6 Цуьнан мурдаша, бахана, Цо аьлларг кхочушдира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 21:6
9 Referencias Cruzadas  

Везачу Элан лаам кхочушбеш, ХӀаран-гӀалара дӀавахара Ибрам. Цуьнца ЛутӀа а вахара. Ибраман цу хенахь кхузткъе пхийтта шо дара.


Нохьас и дерриге, шега Далла ма-бохху, кхочушдира.


Балхе хьаьжча, Мусана гира иза Везачу Эло тӀе-ма-диллара бина хилар. ТӀаккха Мусас уьш декъалбира.


Везачу Эло шена тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира Мусас.


Аса дерриг а, сайга аьлла ма-хиллара, дира. Йийсарехь сайна оьшуш йолу хӀуманаш, схьа а эцна, дийнахь араехира, ткъа суьйранна, куьйгаца пенах сайна Ӏуьрг а даьккхина, бодашкахула ларча ара а яьккхина, массарна а гуш, иза сайн белш тӀе йиллира.


«ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»


Цара виррий, вирбекъий схьаялийра, царна тӀе шайн бедарш а ехкина. ТӀаккха Ӏийса цу бедаршна тӀехула вирана тӀехиира.


Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.


«Со чӀогӀа дохковаьлла Айса Шаул паччахь вина дӀахӀотторах. Сох дӀа а вирзина, Сан дош цо кхочуш ца дина». Иза шена хиъча, Шамъал чӀогӀа оьгӀазвахара. Буьйса, Везачу Эле кхойкхуш, яьккхира цо.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios