3 Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».
«ЦӀадан-гӀалин уллохь йолчу Сарпат-гӀала дӀа а гӀой, цигахь саца. Йисина Ӏаш йолчу цхьана зудчуьнга хьо, тӀе а лаций, оцу меттехь кхаба аьлла Аса».
Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам дерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:
ХьалагӀевттира Ярушалайме баха кийча болу ЯхӀудан а, Бен-Яманан а тайпанийн тхьамданаш а, динан дай а, левихой а. Царах волу хӀора стаг а Ярушалайме Везачу Элана цӀа дан воьдуш вара. Иштта Дала шена чохь и лаам кхоьллина волу массо стаг цига ваха кечвеллера.
Ӏезара элира: «Декъала ву вайн дайн Дела волу Веза Эла. Цо паччахьна даг чу диллина, Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан иштта сийде аьлла.
Даудан назма. А са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.
хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла.
И шадерг а хилла пайхамарехула аьлла хилларг кхочушхилийтархьама:
ХӀунда аьлча массо а адамна тӀехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама.
Дена Шен КӀант веза. Цо массо а хӀума Шен КӀентан кара дӀаделла.
Адамийн куьйгаша Далла гӀуллакх деш делахь а, Цунна хӀума а оьшуш дац. Цо Ша ло адамна дахар а, садеӀар а, кхин дерриге а.
Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха.
ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.
Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Шаул а ГебаӀе шен цӀа вахара. Цуьнца Дела шайн дага чу вижна болу майра нах а бара.