Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 21:2 - Делан Йозанаш

2 хьехар а дина: «Шайна хьалха Ӏуьллуш йолчу юьрта а гӀой, уллохь вирбекъа а йолуш, дӀайихкина йолу вир шайна гича, иза схьа а ястий, уьш а ялош, Суна тӀе схьадуьйла.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 21:2
8 Referencias Cruzadas  

Цо шен вир кемсийн таьллангах дӀатосур ю, ткъа виран кӀорни – тоьллачу гаьннах. Тоьллачу чагӀар чохь шен бедар яшор ю цо. ЧагӀаран мутта чохь шен духар дуьттур ду цо.


Ярушалаймана улло а баьхкина, Зайт-диттийн ломана уллохь Ӏуьллуш йолчу Бет-Паге шаьш кхаьчча, Ӏийсас Шен мурдех шиъ вахийтира,


Шайга цхьаммо хаттахь, аша ала деза: „Уьш Элана оьшуш ю. Цо уьш сихха юха схьаялайойтур ю“».


Цо элира: «ГӀалахь Ӏаш волу а, ас хьоьга дуьйцуш волу а стаг волчу а гӀой, цуьнга ала: „Устазо боху: ‘Сан хан тӀекхочуш ю. Аса Сайн мурдашца Пасахьан деза де хьан хӀусамехь даздийр ду’“».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios