Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 21:12 - Делан Йозанаш

12 Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, цигахь йохкаэцар лелош мел верг аралаьллира. Цо ахчанаш хуьйцучеран гӀопастанаш а, кхокхий духкучеран гӀанташ а харцийра.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 21:12
18 Referencias Cruzadas  

ХӀораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер догӀу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагӀа ду.


Нагахь санна Везачу Элана лерина дагоран сагӀина стага олхазар дахьахь, иза я къоркхокха я кхокха хила беза.


ЦӀанъяларан денош чекхдевлча, шен кӀантах я йоӀах дийнаташ дагоран сагӀина шо кхаьчна Ӏахар а, къинан сагӀина кхокха я къоркхокха а гуламан четарна чуволлучохь волчу динан дена бан беза цо.


Нагахь зудчун сагӀина Ӏахар бало таро яцахь, ши къоркхокха я ши кхокха бан мегар ду цо. Цхьаъ дийнаташ дагоран сагӀина, важа къинан сагӀина хир бу. Динан дас зуда цӀанъяран Ӏадат кхочушдийр ду, тӀаккха иза Далла хьалха цӀена хир ю“».


ши къоркхокха я ши къона кхокха, шега эцалуш берг бан беза. Цхьа кхокха къинан сагӀина, важа дийнаташ дагоран сагӀина лерина хила беза.


ЦӀанлуш волчу стага, шен тароне хьаьжжина, беана цхьа къоркхокха я къона кхокха бен беза динан дас.


БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха схьа а эцна, Везачу Элана хьалха гуламан четаран неӀаре а веана, ши олхазар динан дега дӀадала деза цо.


БорхӀалгӀачу дийнахь ши къоркхокха я ши къона кхокха, гуламан четаран неӀаре схьа а беана, динан дега дӀабала беза цо.


Нагахь санна ши кхокха бан а стеган таро ца хилахь, ша латийначу къинна дуьхьал бархӀ кад дама дан деза цо. Демах даьтта а, ягийна хаза хьожа йогӀу хӀума а ма тоха, хӀунда аьлча иза къинан сагӀа ду.


Нагахь санна шен уьстагӀ бен таро яцахь, Везачу Элана лерина ши кхокха (я ши къоркхокха) гӀуда санна бан беза цо, цхьа кхокха къинан сагӀина, ткъа важа дагоран сагӀа санна.


Ӏийса, Ярушалайме а веана, Делан цӀийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дӀаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХӀине вахара.


Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.


«Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios