Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 21:11 - Делан Йозанаш

11 Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», – аьлла.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 21:11
20 Referencias Cruzadas  

Уьш Назарт-гӀалахь ба̄ха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».


Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»


Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, нахера кхерам бу вайна, хӀунда аьлча Яхьъя цара пайхамар лоруш ву».


Иза схьалаца дагадеара царна, амма Ӏийса пайхамар лоруш болчу нахах уьш и дан ца хӀуьттура.


Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхӀу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагӀчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш.


Делахь а, хӀуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хӀунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.


«Ткъа хӀун хилла?» – хаьттира Ӏийсас. «Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И.


Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хӀиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гӀо дан».


И гина, Ӏийса хьошалгӀа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Ӏуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла».


Цуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?» «И вац со». «Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?» «Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс.


ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?»


ТӀаккха зудчо элира: «Эла, го суна Хьо пайхамар хилар.


Цул тӀаьхьа, Ӏийсас йина тамашийна гӀуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХӀара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».


И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх».


Юха а бӀаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хӀун эр ду Цунах лаьцна, хӀунда аьлча Цо хьан бӀаьргашна са ма гайтина?» Цу стага элира: «Иза пайхамар ву».


И вара изза Муса, исраилхошка баьхна волу: „Дала шуна со санна волу Пайхамар воуьйтур ву шун халкъана юкъара“.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios