10 Иза Ярушалайме чувеача, ерриг а гӀалара адамаш синтем байна дара, цара вовшашка хоьттура: «Иза мила ву?»
ХӀун ю иза, яьссачу арара, кӀуьран бӀогӀам санна, гӀоттуш ерг, эцначу тайп-тайпанчу бецех йинчу, хаза хьожа йогӀучу хӀуманийн мархашкахь а хуьлуш?
И Эдомера вогӀург мила ву? Мила ву иза, цӀен оба а юьйхина, Бацарера вогӀург? Мила ву иза сел сийлахь верг оцу Шен духарца, берриг а Шен ницкъаца сел онда верг? «Со ву иза, нийсонца олуш верг, адамаш кӀелхьардаха нуьцкъала а волуш».
Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.
Адамийн тобанна юкъара царна жоп делира: «Галилай-махкахь йолчу Назарт-гӀалара Ӏийса-пайхамар ву», – аьлла.
Цунна хьалха а, тӀехьа а адамийн тобанаш яра. Цара, мохь а бетташ, бохура: «Хастам бу Даудан КӀантана! Декъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш Верг! ХӀашанна! Хастам бу стигалшкарчу Веза Воккхачу Далла!»
«Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара.
ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»
Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?»
ХӀарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хӀуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Ӏийса ган гӀертара.
Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»
«Хьо мила ву, Веза Эла?» – хаьттира Шаула. «Со Ӏийса ву, ахьа эккхийна лелош волу, – элира Цо.
И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» – бохура зударша.
Шега Везачу Эло ма-аллара, Байтлахам-гӀала ваха новкъа велира Шамъал. Иза цига дӀакхаьчча, цу гӀалара къаной боьхна дуьхьалбевлира цунна. Цара хаьттира: «Маршо яхьаш вогӀий хьо?»