Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 20:6 - Делан Йозанаш

6 Суьйранна пхи сахьт даьлча иза майдана веача а, гина цунна деш хӀума а доцуш лаьтташ болу нах. Цо цаьрга хаьттина: „Шу хӀунда лаьтта кхузахь, деш-дуьтуш хӀума а доцуш?“

Ver Capítulo Copiar




Маттай 20:6
10 Referencias Cruzadas  

Мало еш а доцуш, шайн тешарца а, собарца а лур ду аьлларг схьаоьцучарах шу тера хила лаьара тхуна.


Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тӀедехкина гӀуллакхаш. ТӀейогӀуш буьйса ю, тӀаккха цхьаьнгге а хӀумма а далур дац.


(Атина-гӀалин бахархойн а, цаьрца Ӏаш болчу кхечу мехкашкарчу нехан а чӀогӀа самукъадолура массо а хенахь керлачуьнга ладугӀуш я керланиг дуьйцуш.)


Малоно наб йоуьйту, ткъа хӀуманна бала ца хиларо мацалле кхачаво.


ХӀара бу хьан йишин Седам-гӀалин а, цуьнан зудаберийн а бехк: уьш кура бара, церан дукха даа хӀума дара, церан маьрша синтем а бара, амма цара къечарна а, мискачарна а гӀо ца дора.


Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац.


Уьш дӀабахана. Де делкъе даьлча а, юха делкъал тӀаьхьа кхо сахьт даьлча а, базаран майдане а вахана, оцу стага нах кемсийн беша болх бан бахийтина.


Цара жоп делла: „Тхо цхьаммо а болх бан тӀе ца лаьцна дела лаьтта-кх“. ТӀаккха цо цаьрга аьлла: „Шу а гӀо сан кемсийн беша болх бан“.


Пхи сахьт даьлча цо схьахьажийнарш схьабаьхкича, царна цхьацца динари ахча делла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios