Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 2:5 - Делан Йозанаш

5 Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:

Ver Capítulo Copiar




Маттай 2:5
11 Referencias Cruzadas  

Рахьал кхелхира. Эпрати-гӀала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дӀайоьллира иза.


Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.


ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла.


«Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»


Церан лаьтта тӀехь шийтта гӀала яра шайн ярташца. Царах цхьаерш хӀорш ю: КхатӀат, НахӀлал, Шимрон, Йида-Ала, Байтлахам.


ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тӀевеана стаг санна Ӏаш вара.


Мехкан куьйгалхоша Исраил-махкахь урхалла дечу заманчохь лаьтта тӀехь мацалла хӀоьттинера. ТӀаккха цхьа стаг ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀалара шен зудчуьнца а, шина кӀантаца а Муаби-аренашка хан яккха вахара.


И шиъ Байтлахаме дӀакхаччалц дӀаихира. ХӀорш Байтлахаме баьхкича, массо а адам тӀедеара царна. «НуӀмат яц хӀара?» – бохура зударша.


Оцу хенахь БоӀаз Байтлахамера кха тӀе веара. Иза маьрсахошка вистхилира: «Везачу Эло гӀо дойла шуна!» – аьлла. «Везачу Эло декъала войла хьо а!» – аьлла, дуьхьал бистхилира вуьш.


ТӀаккха цигахь мел долчу адамо а, къаноша а элира: «Тхо теш ду-кх. Везачу Эло декъала йойла Рахьал а, Леа а санна, хьан керта йогӀуш йолу и зуда. Цара шиммо а дебийтира Исраилан халкъ. Беркат догӀийла хьан цӀенна тӀе Эпратехь. ЦӀе йоккхуш стаг хуьлийла хьо Байтлахамехь.


Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios