Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 2:3 - Делан Йозанаш

3 Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 2:3
14 Referencias Cruzadas  

Арамхойн паччахь оцу гӀуллакхна дог доьхна вара. Цо, шен тӀеман хьаькамаш а гулбина, цаьрга хаьттира: «Схьадийцийша соьга, мила ву шух, исраилхойн паччахьца а тайна, суна ямартло йийриг».


Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо».


ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла.


«Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тӀебахкийтиначарна тӀулгаш детта ахь. Мел чӀогӀа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кӀорнеш тӀома кӀел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.


ТӀемех лаьцна хезар ду шуна, вовшахлетарех лаьцна хаамаш а хир бу. Шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча иза хила дезаш дерг ду. Амма иза цкъачунна чаккхе яц.


Цара мохь хьоькхура: «ХӀун оьшу Хьуна тхоьгара, Делан КӀант? Тхан хан тӀекхачале, тхо хьийзо веана Хьо кхуза?» – бохуш.


Нагахь тӀемах я цунах лаьцна хӀума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тӀаьххьара де дац.


Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios