2 Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо».
«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь».
ДӀа а совций, Со Дела вуйла хаийша. Халкъаша а лакхавоккхур ву Со, лаьтта тӀехь а лакхавоккхур ву Со.
Хьан серлонна тӀе халкъаш догӀур ду, паччахьаш – хьан садаржаран сирлаллина тӀе.
«ТӀекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тӀаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зӀийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хӀокху лаьтта тӀехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду.
Амма уьш шайн Везачу Далла а, Аса царна хӀоттор волчу, Даудан тӀаьхьенах волчу шайн паччахьна а гӀуллакх деш лелар бу.
Везачу Эло боху: «ЧӀогӀа хастамаш бе, Цийонан йоӀ! хазахетарца цӀогӀа тоха, Ярушалайман йоӀ! Хьажал, хьан паччахь ву хьо йолчу вогӀуш! Нийса а, толам баьккхина а ву иза. Делахь а цуьнан эсала амал ю Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!
Суна иза го, амма иза хӀинцца дац. Со цуьнга хьоьжу, амма иза гергга вац. Цхьа Седа хьалабер бу Якъубан тӀаьхьенах. Паччахь вогӀур ву Исраилан халкъана юкъара. Цо муабахойн бӀаьштигаш а отур ю, ШатӀин ерриге тӀаьхье а хьоьшур ю.
Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.
«ДӀаала Цийонан йоӀе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тӀевогӀуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тӀехиъна вогӀу, боьршачу вирбокъана тӀехиъна вогӀу!“»
Ӏийса мехкан куьйгалхочунна хьалха дӀахӀоьттира. Цо Ӏийсага хаьттира: «Хьо жуьгтийн къоман паччахь вуй?» Ӏийсас жоп делира: «Ахьа боху-кх иза».
«Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.
Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг.
Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза».
Ӏийсана тӀехула дӀатоьхначу уьнна тӀехь яздина дара: «ХӀара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла.
НатунаӀила элира Ӏийсага: «Рабби! Хьо Делан КӀант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь».
Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХӀашанна! Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу Исраилан Паччахь!»
ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».
Пулата, дечиган уьнан юьхкана тӀе йоза а яздина, иза жӀаран бӀогӀам тӀе дӀатохийтира. Цу тӀехь яздина дара: «Назартера Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь».
ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»
массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.
ТӀаккха бӀаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Ӏийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.
Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира: «Делан массо а маликаш Цунна хьалха охьатаьӀийла».
«Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».