1 Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш.
Церан Ӏар дара Мешаъ-махкана а, малхбалехь долчу лаьмнашна а юккъехь долчу лаьтта тӀехь. Ткъа Мешаъ-мохк Сепар-мехкан лаьмнашца бозалуш бара.
Ткъа шен гӀарбашаша бинчу кӀенташна совгӀаташ а делла, Исхьакхах уьш дӀа а къастийна, малхбалехьа дӀахьовсийра ИбрахӀима.
Ӏуьйранна синтем байна вара иза. Мисар-махкара массо а бозбунча а, хьекъал долу стаг а схьа а кхайкхина, царна шен гӀенаш дийцира цо. Амма цхьанна а церан маьӀна дан ца хиира.
Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац, цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж, иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а, халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.
Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла.
Байтлахам-гӀала дӀахӀоттийна волу Салма, Байт-Гадер-гӀала дӀахӀоттийна волу Хьарпа.
Цуьнан ворхӀ эзар уьстагӀ а, газа а яра, кхо эзар эмкал а, пхи бӀе шуьста а, пхи бӀе виркхел а, иштта дуккха а ялхой а бара. Иза малхбалехьа бехаш болчу массо а нахана юкъахь уггар а дукха хьал долуш волу стаг вара.
Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Ӏаш волу меттиг сийлалла хир ю.
«Хьо а, Эпратера йолу Байтлахам-гӀала, ЯхӀудан махкарчу гӀаланашна юкъахь уггаре а кӀезигниг елахь а, хьох вер ву Суна Исраилан къомана куьйгалхо хин волу цхьаъ. Цуьнан схьавалар ду дуьне доладелчхьана, азалера».
Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.
Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула.
ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира.
Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира.
Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:
ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа.
ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла.
Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг.
Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу».
«Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»
ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вехаш Левин тайпанах волу цхьа жима стаг хилла. Иза цигахь тӀевеана стаг санна Ӏаш вара.