Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 19:9 - Делан Йозанаш

9 Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 19:9
18 Referencias Cruzadas  

Цкъа буьйсанна Абу-Маликана гӀенах веанчу Дала элира: «Хьо валарна кхерам бу, хӀунда аьлча ахь схьаялаяйтина зуда марехь ю».


ЯхӀудан лаьмнаш тӀехь цӀушна Ӏамал ян гунаш а хӀиттийна, Ярушалайман бахархой а, Делах дӀа а берзийтина, кхечу деланашца Ӏамал еш лелийтира ЯхӀурама. Иштта яхӀудхой а Ӏехабалийтира цо.


«Нагахь санна майрачо дӀаяхийтина йолу зуда, кхечуьнга маре яхча, цуьнан хьалха хилла майра иза йолчу юхавоьрзур вуй те? Бехлур барий те и хӀума дича мохк? Исраилан халкъ, дуккха а безаргашца лелла хьо, ткъа хӀинца Со волчу юхадерза лууш ду хьо? – боху Везачу Эло. –


Сайна тешаме доцуш хиларна тешнабехке долу Исраилан халкъ Аса дӀахердина. Амма Суна гира, и массо а хӀума хиллехь а, тешаме йоцу цуьнан йиша йолу ЯхӀудан халкъ а, дӀа а дахана, кхахьпа санна лелара.


„Амма ахьа, хьайн хазаллех а, хьайн цӀеяхана хиларх а пайда а оьцуш, хьайна тӀех мел волучуьнца нахаца лелачу зудчун гӀиллакхаш леладора, цуьнга хьайн хазаллех дезар а оьцуьйтуш.


ТӀаккха совдегархойн латта долчу Хашад-махкана хьо хьайн кхахьпаллица тӀейирзира, амма цунах а хьо ца Ӏебира.


Юха, тӀехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тӀеозийра хьуна тӀехула, хьан ерзина хилар дӀа а хьулдеш. Ас чӀагӀо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТӀаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло.


Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».


Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.


Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».


ХӀора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву».


Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хӀума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху.


Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза.


Зудчун дегӀ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегӀ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios