8 Ӏийсас цаьрга элира: «Шун дегнаш къиза долу дела елла шуна Мусас зудчуьнца дӀасакъаста бакъо. Амма дуьххьара иштта ца хилла.
Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду.
Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тӀе хи тӀедаларх кӀелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кӀентий а, церан зударий а.
Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! СагӀанаш а дахьаш, Цуьнан цӀийнан керта дуьйлийша!
Иштта боху Везачу Эло: «Некъаш вовшахкхетачу меттехь дӀа а хӀоттий, хьажа, муьлха бу шира а, беркате а болу некъ. Цу некъа тӀе шу довлахь, шайна синтем а, машар а карор бу шуна». Амма цара элира: «Тхо гӀур дац!»
Шайн дегнаш чӀагӀдира цара, массо а ницкъийн Везачу Эло Шен Синца хьалхалерчу пайхамаршкахула боуьйту хьехам а, дешнаш а ца хазархьама. Цундела тӀееана царна массо а ницкъийн Везачу Элан йоккха оьгӀазло.
ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»
Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».
Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза». Яхьъя Цо бохучунна резахилира.
Жинаша Ӏийсага дехар дора: «Цу нехан кийрара Ахьа тхо лахкахь, хьакхарчийн кийранашка тхо доссадахьара Ахьа», – бохуш.
Ӏийсас элира цаьрга: «И шуна тӀедиллинарг Мусас дӀаяздина, шун дегнаш къиза долу дела.
ТӀаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хӀума юучу хенахь, дуьхьалхӀоьттира Ӏийса. Цо тӀехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна.
Иза аса шуна тӀе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хӀума ду аьлла боху аса.
ИзраӀал-юьртара АхьнуӀмат а дӀайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира.