Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 19:6 - Делан Йозанаш

6 ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»

Ver Capítulo Copiar




Маттай 19:6
10 Referencias Cruzadas  

Къона йолчу хенахь ша маре яхана волу стаг а витина, Далла хьалха ша тӀелаьцнарг кхочуш а ца деш, лелаш ю иза.


Аша-м хаттар до: «ХӀун бахьанина?», – бохуш. И дера ду, къона волуш хьайна ялийначу зудчуьнца ахьа барт беш Веза Эла теш хилла дела. Ахь цу зудчунна ямартло йина, иза хьайн накъост а, бакъйолу зуда а йоллушехь.


«ХӀунда аьлча майра а, зуда а дӀасакъастар ца деза Суна», – боху Исраилан халкъан Везачу Дала «И деш волчо ша къизаллех вузаво, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Цундела шайн синан тергам белаш, ямартлонаш ма лелаелаш».


Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.


ТӀаккха цара Цуьнга хаьттира: «Ткъа Мусас тӀе хӀунда диллина, дӀасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла зудчуьнга дӀа а лой, цуьнца дӀасакъаста аьлла?»


цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»


Товрат-хьехамийн бакъонаша тӀе-ма-диллара, марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, цунна тешаме хила еза. Шен майра велча, оцу бакъонех иза паргӀатйолу.


Иштта, майранаш, шайн догӀмаш ма-деззара, шайн зударий безаш хилалаш. Шен зуда езачунна билггал ша-шена веза.


Массара а майрачун-зудчун юкъаметтиг ларъе, шаьш дӀадуьйшу мотт сийсаз ма баккха. Дала кхел йийр ю сийсазалла лелочарна а, нахаца лелачарна а.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios