Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 19:5 - Делан Йозанаш

5 Цигахь аьлла ду: „Иза бахьана долуш, шен дай-наний а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву. ТӀаккха и шиъ цхьаъ хир ду“.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 19:5
19 Referencias Cruzadas  

Дина даггара езаелла, цуьнца эсала къамел дира цо.


Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната! Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара. Зударийн соьца болчу безамал а, хьан безам суна беза бара.


Уьш бара Везачу Эло исраилхошка иштта дешнаш аьллачу оцу къаьмнех: «Аша оцу къаьмнех йолу зуда яло мегар дац, шаьш цаьрга шайн деланашна тӀаьхьа ца хӀиттадайтархьама». Амма и зударий тӀех дукха безарна, корта дӀабаханера Сулим-паччахьан.


Дуьненан йисте кхаччалц Цо тӀемаш а совцабо, секхаӀад а дохадо, гоьмукъ а кагбо, Цо турсаш а цӀергахь дагадо.


Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу. Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.


Шегахь оьздангалла йолчу цхьаммо а и саннарг ца лелийна, хӀунда аьлча Делан халкъана юкъахь хиндолу бераш хӀоранна а хила ма лаьа. Цундела лар а лолаш, цхьаммо а ямартлонаш а ма лелаелаш шен къоналлехь хиллачу зудчунна дуьхьал.


ХӀинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела, цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»


Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш.


Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дӀакхетча, шайн цуьнца цхьа дегӀ хуьлийла. ХӀунда аьлча аьлла ма ду: «ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду».


Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хӀора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХӀора зудчун а шен майра хила веза.


Зудчун дегӀ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегӀ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду.


«Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТӀаккха цу шиннах цхьа дегӀ хир ду», – Делан Йозанаша ма-бохху.


Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хилалаш, Цунна цхьанна гӀуллакх делаш. Цуьнгахьа дирзина хилалаш, Цуьнан цӀарах бен дуйнаш ма баалаш.


Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, –


Ткъа шу, шайн Везачу Делах дӀакхеттарш, дерриш а таханлерчу дийнахь а дийна дисина.


Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхӀунатин а юкъаметтиг кхин а чӀагӀъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира.


ИзраӀал-юьртара АхьнуӀмат а дӀайигира Дауда. Цу шиннах цуьнан зударий хилира.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios