3 ТӀаккха Ӏийсана тӀе парушхой баьхкира, Иза зерхьама. Цара хаьттира: «Бакъонехь нийса хир дуй муьлххачу бахьанехь а стаг шен зудчух дӀасакъастар?»
Парушхой а, садукъой а баьхкира Ӏийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла.
Царах волчу цхьана Ӏеламчу стага, Ӏийса зерхьама, Цуьнга хаьттира:
Масех парушхочо, Цунна тӀе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дӀаяхийтар?» – аьлла.
Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе.
Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».
И элира цара Ӏийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гӀалат тӀехтохархьама а. Ткъа Ӏийса, лохха охьа а таьӀна, лаьттахь пӀелгаца яздан волавелира.
Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тӀедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дӀа ма къаста аьлла.
Шун дайша Со зийра цигахь, шовзткъа шарахь Аса мел динарг шайна гиннашехь.