11 Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш.
ХӀорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тӀекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тӀедуьллу аса массо а динан тобанашна а.
Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хӀуманна тӀе ойла ца йохуьйтуш.
Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хӀора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХӀора зудчун а шен майра хила веза.
Ӏийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла.
Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».
Цхьаберш шаьш дуьнен чу бовллушехь ваьӀна стаг санна хуьлу, вуьш – нах бахьанехь хуьлу иштта, ткъа кхозлагӀнаш Стигалийн Олалла бахьана долуш зуда ца ялош соцу. Шена и хьехам чохь тарлочунна иза чохь тарлойла».