10 Мурдаша Цуьнга элира: «Майрачун зудчунна хьалха долу декхарш иштта делахь, цунна зуда а ца ялош Ӏер гӀолехь ду».
ТӀаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гӀоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогӀуш».
Дика зуда карийнарг декъала ву. Иза караяр цу стагана Веза Эла резахиларан билгало ю.
Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул.
Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.
Ткъа Цо элира: «Дала шена деллачунна чохь бен тарлур дац Сан дешнаш.
Ткъа Аса боху шуьга: зуда сийсаза лелар бахьана а доцуш, кхин хӀума бахьана долуш иза йита а йитина, шена кхин зуда ялийна волу стаг, ямартло еш ву».
Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Ӏаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Ӏер гӀолехь ду».
Зуда маре яхар а, стага зуда ялор а, Дала кхоьллина йолу цхьайолу хӀуманаш яар а ца магадо шалхо лелочу оцу наха. Ӏийсах а тешаш, билггал долу бакъдерг девзинчаьрга, Шена хастамаш а бойтуш, яийтархьама, елла Дала и юург.