Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 16:4 - Делан Йозанаш

4 Боьхачу а, телхинчу а тӀаьхьено тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Ӏийса дӀавахара.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 16:4
15 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Везачу Эло элира: «Могуьйтур дац Аса адамашна гуттар а Сан са даа, уьш дилха бен доцу дела. Церан дахаран шераш бӀе ткъа шо бен хир дац».


«Амма шу – тӀедуьйла кхуза, зуда-бозбунчин бераш, нахаца лелачу стеган а, кхахьпанан а хӀу!


Эпрайман халкъ цӀуйх дӀаийна даьлла: бита и исраилхой шайн боьхачу леларехь!


Цара шайн бераш кхиадахь а, Аса уьш цаьргара схьадохур ду. Ма доккха къа хир ду-кх церан Со шайх дӀавирзинчу дийнахь!


Аматин кӀанте Юнусе Везачу Элера хаам хилира:


Уьш машарца дӀабахийта. БӀаьрзе нах бу уьш. Царна тӀаьхьахӀоьттинарш а бу бӀаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тӀаьхьахӀоьттинарг а, ший а бӀаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву».


Хих дехьабовлуш, Ӏийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера.


Доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а».


Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».


Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТӀаккха ПахӀала, шен бедарш тӀера чан дӀа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хӀуманна а бехке вац. ХӀинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».


Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios