2 «Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда талхадо? Цара хӀума яале хьалха куьйгаш цӀандаран Ӏадат кхочуш хӀунда ца до?!»
Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.
Паччахьан кевнехь гӀуллакх деш болчу паччахьан ялхоша хоьттура Мардахайга: «Паччахьо аьлларг кхочуш хӀунда ца до ахьа?»
Царна дуьхьал Ӏийсас элира: «Ткъа аша хӀунда талхадо Дала тӀедиллина долу парзаш, шайн Ӏадаташ ца дохорхьама?
Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара.
Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» – аьлла.
Парушхо цецвелира, Цо хӀума яале куьйгаш ца дилча.
Сайн тайпанара болчу жуьгтийн нийсархошна юкъахь, сайн дайша лелийна Ӏадаташ лардар тӀехь хьалхе йоккхуш стаг вара со.
Варелаш, динан вежарий, вайн дайша даьхначу Ӏадатийн а, кху дуьненах лаьцна адамийн болчу кхетаман а бух тӀехь долчу, шу ледан дуьйцучу даьссачу къамелийн йийсархой ма хилалаш. Иштта долу къамелаш Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дац.
Хаалаш, телхина дӀадер долу дети я деши а делла эцна яц шун паргӀато, шун дайх дисинчу гӀийлачу дахарх шу мукъадохуш,