Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 15:1 - Делан Йозанаш

1 Ярушалайм-гӀалара баьхкинчу парушхоший, Ӏеламчу нахий Ӏийсага элира:

Ver Capítulo Copiar




Маттай 15:1
11 Referencias Cruzadas  

Цо элира: «Ӏеламчу нахана а, парушхошна а бакъо елла Мусан товрат-хьехамах нах кхето.


Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».


Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!»


Цкъа Ӏийса нахана хьоьхуш волчу хенахь, И волчу цӀа чохь динан куьйгалхой бара. Царах цхьаберш парушхой бара, вуьш Ӏелам нах бара. Уьш Галилай-мехкан а, ЯхӀуд-мехкан а мел йолчу гӀаланашкара а, Ярушалаймера а баьхкинера. Нахана дарбанаш лелорхьама, Ӏийсаца Везачу Элан ницкъ бара.


ТӀаккха Ӏелам наха а, парушхоша а шайн дагахь бохура: «И ма Ӏеса къамел ду Цо деш дерг. Иза мила ву? Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»


Парушхоша а, Ӏеламчу наха а, резабоцуш, Ӏийсан мурдашка бохура: «И муха мегар ду? Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца дууш, молуш ма ду шу?»


Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла.


Йоккха гӀовгӀа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Ӏеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХӀун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла».


Иза схьакхаьчча, Ярушалаймера баьхкинчу жуьгташа, цунна го а бина, иза бехке веш, дуккха а хӀуманаш дехира цунна дуьхьал. Амма цуьнан бехк болчух Висита тешо ницкъ ца кхочура церан.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios