Уьш цкъа а меца а, хьогах а хир бац. Малхо а, товно а ницкъ бийр бац царна, хӀунда аьлча царах къинхетам беш Волчо дӀабуьгур бу уьш. Цо хин хьостанашна тӀе балор бу уьш.
Иштта доӀа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цӀахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доӀа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тӀехь шу чӀагӀделла хилар а доьхуш.