Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 13:3 - Делан Йозанаш

3 Ӏийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хӀуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 13:3
27 Referencias Cruzadas  

Лакхарчу стигале а, иштта лаьтте а кхайкхам бо Цо, Шен халкъана Ша кхел ярхьама:


Хьан леш болчеран декъий стигаларчу олхазаршка даийта дӀаделла, ткъа Хьуна тешаме болчеран догӀмаш цара лаьттарчу акхарошна дӀаделла


«Адаман кӀант! Исраилан халкъана хӀетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца.


ТӀаккха аса, Яхьазкхиала, элира: «Маржа-яӀ, Хьалдолу Эла! Халкъо сох лаьцна боху: „ХӀетал-металшца дуьйцуш-м вац те иза?“»


Оцу дийнахь шух лаьцна тийжамаш бийр бу, шийлачу маьхьаршца белхарш дийр ду. Цара бохур ду: „Тхо кхоччуш дохийна! Везачу Эло сан халкъан дакъа кхечарна дӀаделла. Иза соьгара схьадаьккхина ма ду! Тхан аренаш а тхуна талор динчу хийрачу нахана дӀасаекъна Цо“».


Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хӀетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»


Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна.


Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тӀаьхьа, Ӏийса цигара дӀавахара.


Ӏийсас юха а царна цхьа хьекъале дийцар далийра. Цо элира:


«Масала, эца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла.


Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.


И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.


ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис?


Ӏийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТӀаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу?


Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Ӏийсас – адамаш кхетар долчу тайпана.


ТӀаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла.


Ӏийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хӀумма а ца гархьама, ладугӀуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“.


«ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios