Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 13:2 - Делан Йозанаш

2 Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хӀордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 13:2
6 Referencias Cruzadas  

Паччахьан дарж ЯхӀудах дер дац, цуьнан тӀаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гӀаж, иза Шилун-гӀала дӀакхаччалц а, халкъаш цунна муьтӀахь хиллалц а.


Цунна тӀе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагӀнаш, бӀаьрзенаш, заьӀапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Ӏийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора.


Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш Галилайра а, Иттшахьар-махкара а, Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хил дехьа Ӏаш долу адамаш а.


Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира.


ТӀаккха тӀевахана цхьана хинан кеманан дега, ШамӀе, Ша берда йистера кеман тӀехь жимма дӀавига элира Цо. Юха оцу кеманна чу а хиина, нахана хьехам бан волавелира Иза.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios