1 Цу дийнахь Ӏийса, цӀа чуьра ара а ваьлла, Ӏоман йисте охьахиира.
Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»
Нах а битина, Иза цӀа чу вахара. Ӏийсан мурдаша, Цунна тӀе а бахана, элира: «Аренгахь тӀеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа».
Ӏийса цӀа чу ваьлча, бӀаьрзенаш Цунна гергга тӀебаьхкира. Цо цаьрга элира: «Шу теший Аса шун бӀаьрса юхадоуьйтург хиларх?» Цара элира: «Теша, Веза Эла!»
Юха а Ӏоман берда тӀе веара Ӏийса. Цунна тӀе дукха адам деара, ткъа Ӏийса царна хьехамаш бан волавелира.