8 Хаалаш, Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву шуна».
КхидӀа а Ӏийсас элира: «Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». Цомгуш волчуьнга Ӏийсас элира: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо».
Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна.
ХӀора кӀиранан дуьххьарлерчу дийнахь шух хӀораммо а, шайна карадеанчу ахчане хьаьжжина, цунах цхьадолу дакъа Ӏалашде, со дӀавеанчу хенахь ахча гулдар оьшуш ца хилийтархьама.
Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тӀеберзорхьама. ХӀетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтӀахь волу дела.
Ӏийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Ӏан баннаш ду, ткъа Адамийн КӀентан корта дӀатовжо меттиг а яц».
Адамийн КӀантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хӀума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бӀешарахь а, я тӀедогӀун долчу бӀешерашкахь а.
Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чӀеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КӀант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий.