Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 12:7 - Делан Йозанаш

7 Делан Йозанна тӀера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 12:7
14 Referencias Cruzadas  

Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира.


Ӏесаниг бехказаваккхар а, хьаналниг бехкевар а – и ший хӀума а Везачу Элана дегаза хета.


Шу тешаме хилар деза ду Суна, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел. Шуна Дела вовзийла лаьа Суна, Сан дуьхьа дийнаташ дагоран сагӀанел.


Ӏийсас жоп делира: «Шу тилла, хӀунда аьлча Делан Йозанаш ца хаьа шуна, Делан ницкъ а ца бевза шуна.


Даха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».


Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».


Ярушалаймера бахархошна а, церан хьаькамашна а Ӏийса ца вевзира. Цара кхел йира Цунна. Цу кеппара, хӀора шоьтан дийнахь вай доьшуш долу пайхамарийн дош кхочушхилира.


Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.


Мисарара арабевлла божарий сунтбина бара, ткъа новкъахь дуьнен чу бевлларш сунтбаза бара.


Шамъала цунна жоп делира: «Ахьа доккхуш долу сагӀа а, дагош долу бежанаш а деза хета те Везачу Элана, хьо Ша бохург а деш дӀахӀоттарал? Цуьнга ладугӀуш хилар сагӀа даккхарал а деза ду, ткъа Цунна муьтӀахь хилар уьстагӀан махьаран даьттанал а дезах ду,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios