Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 12:6 - Делан Йозанаш

6 Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цӀийнал дуккха а лакхара ву.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 12:6
12 Referencias Cruzadas  

Амма бакъдерг аьлча, Делан Ӏойла а дуй ткъа адамашца кху лаьттахь? Стигала а, я стигалан лакхенашка а ца тарлуш волу Хьо, хӀокху ас дӀахӀоттийначу Хьан цӀа чу-м тарлойла а дац.


Везачу Эло иштта боху: «Стигал Сан Ӏарш ю, ткъа латта Сан когийн кӀело ю. Аша мичахь дийр ду Суна цӀа? Сан садоӀу меттиг а мичахь хир ю?


И дерриг а Сан куьйго кхоьллина дац? И дерриг а иштта хилла дӀахӀоьттина дацара? – боху Везачу Эло. – Ша кӀезиг хетачуьнга а, дог доьхна волчуьнга а, Сан дашна вегавеш волчуьнга а Сан ларам бу.


«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогӀур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.


Товрат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а?


ХӀунда аьлча адаман сибат тӀеэцна волчу Цунна чохь Дела кхачам болуш Ӏаш ву.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios