3 Ӏийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша?
Иштта жоп хезча, Муса цунна резахилира.
И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».
Цо, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хӀума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла.
Товрат-хьехамаш тӀехь аша ца дешна, Делан цӀийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоӀу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а?
Ӏийсас жоп делира: «Аша ца дешна Кхоьллинчо и шиъ юьхьанца стаггий, зудий кхоьллина хиларх лаьцна?
Цара Ӏийсага хаьттира: «Хьуна хезий цара бохург?» Ӏийсас жоп делира: «Хеза. Аша цкъа а ца дешна: „Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула бойтур бу Ахьа хастамаш“?»
Ткъа беллачуьра денбаларх лаьцна аьлча, аша ца дешна Дала шайга аьлларг:
Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла?
«Товрат тӀехь хӀун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Ӏийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»
Ӏийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна?