Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 12:2 - Делан Йозанаш

2 И сурт гина болчу парушхоша Ӏийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу».

Ver Capítulo Copiar




Маттай 12:2
19 Referencias Cruzadas  

Ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀачу дийнахь садаӀа, хьайн стеран а, виран а синтем хилийтархьама а, хьайн гӀарбашан кӀанте а, тӀевеанчу стаге а садаӀийтархьама а.


ялх дийнахь болх бе, ткъа ворхӀалгӀа де деза хилийта шайн. Иза Везачу Элана лерина садоӀу шоьтан де ду. Цу дийнахь болх бинарг вуьйр ву.


«Нагахь шоьтан дийнан дуьхьа, хьайна дан тамехь хета гӀуллакхаш а ца деш, Сан дезачу дийнахь куьг-ког ахь лардахь, шоьтан дийнах зовкх хьоьгу а, Везачу Элан деза а де ахь алахь, иза лоруш, цу дийнахь гуттара а айхьа деш долу гӀуллакхаш а ца деш, хьайна тамехь дерг а ца лоьхуш, эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо хилахь,


Цигахь заьӀап куьг долу стаг вара. Ӏийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тӀерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?»


Ӏийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша?


ТӀаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до цара?» – аьлла.


ТӀаккха Ӏийсас хаьттира Ӏеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?»


Цара, цӀа а баьхкина, хаза хьожа йогӀу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тӀедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьӀира цара.


И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хӀун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до аша?»


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios