12 Ткъа стаг мел веза ву уьстагӀал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду».
Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!
Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хӀумма дӀа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша?
ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира
ДӀахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду!
Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хӀума яа ваханера Ӏийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга.
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хӀун дан мегаш ду? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»