11 Ӏийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагӀ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а?
СадоӀучу шоьтан дийнахь Ӏийса дӀайийначу аренгахула схьавогӀуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кӀен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла.
Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кӀант я, масала, сту гӀуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»
Кхечу исраилхочун вир я сту охьабоьжна шайна гахь, и дийнат ма дита, цуьнца цхьаьна хьалагӀаттабе иза.