6 Декъала ву Сох шек воцург».
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса, ткъа Цунна со дӀа а хезира.
Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.
Ма декъаза ду-кх дуьне, къа латоран бахьанаш шена чохь хиларна. Къа латоран бахьанаш хила дезара, амма декъаза бу къа лато бахьанаш дохуш болу нах.
Сох тешна болу дукхахберш дохко а бевр бу, ямартлонаш а еш, вовшашца гамо лелор ю.
ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Тховса аша массара а Со дӀатосур ву, яздина ма-хиллара: „Ӏуьнна чов йийр ю Аса, тӀаккха жа юкъара уьстагӀий шаьш дӀасадовдур ду“.
Нагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах ва̄лар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул.
Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхӀудан а, ШамӀин а ваша а волуш, Мареман кӀант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира.
ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХӀара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а. ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.
Декъала ву Сох шек воцург».
«ХӀара элира Ас шуьга, шу тешар тӀера юха ца довлийтархьама.
Цу хенахь дуьйна Ӏийсан дукхах болу мурдаш Цунах дӀакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш.
Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.
Ткъа, динан вежарий, нагахь аса хӀинца а сунтварах лаьцна кхайкхамаш беш белахьара, со хьийзо тӀаьхьабевр барий суна? Иза иштта делахьара, сан жӀарах лаьцна болчу хьехамаша цхьанна а вас йийр яцара!
Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тӀулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтӀахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан.