10 Цунах лаьцна Делан Йозанаш тӀехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“
Кхойкхучун аз хезаш ду: «Яьссачу аренгахь Везачу Элана некъ кечбе! Эрначу аренгахь нисде тхан Далла некъан тача!
«Хьовсал, Ас Сайн геланча вохуьйтур ву, цо Суна хьалхара некъ кечбийр бу. ТӀаккха аша лоьхуш волу Олахо цӀеххьана Шен дезачу цӀа чу вогӀур ву. Шу хьоьгуш волу бертан геланча – хьовсал, иза вогӀур ву», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале.
Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тӀе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.
Цунна тӀе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Ӏан деза?»
Яхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»
ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу.
Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву, Цунна некъ кечбеш,
Яхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со: „Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».