Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 11:1 - Делан Йозанаш

1 Ӏийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дӀа а вахана, Галилай-махкарчу гӀаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 11:1
19 Referencias Cruzadas  

Ас шайна тӀе мел диллинарг кхочушдан а хьоьхуш. Ткъа Со массо а хенахь шуьца хир ву, дуьненан чаккхе тӀекхаччалц».


Ӏийса берриг Галилай-махкахула волавелира. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.


Ӏийса и дешнаш аьлла ваьлча, адамаш Цуьнан хьекъалх чӀогӀа цецдевллера,


Ӏийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.


ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш.


Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхӀуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хӀинца кхуза а кхаьчна».


Цул тӀаьхьа Ӏийса гӀаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца,


Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела.


Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь.


Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц.


Цо тхуна тӀедиллира нахе кхайкхам бар а, тоьшалла дар а, Ша Дала дийначарна а, беллачарна а тӀехь кхел ян хӀоттийна ву аьлла.


Веза Эла волчу Ӏийсагара шайна оха хӀун весеташ делла, шуна хаьа.


Шу долчохь тхаьш хиллачу хенахь, оха хӀара весет динера шуьга: «Къахьега ца луучо хӀума а ма яа», – аьлла.


Динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу а Ӏийсан цӀарах весет до оха, аша тхоьгара тӀеэцначу Делан хьехамашца а ца лелаш, мало йолуш волчу муьлххачу а динан веших дӀакъаста аьлла.


ала хӀума доцуш цӀена кхочушбе хӀара хьехам, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Ӏийса кху дуьнен чу схьаваллалц.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios