7 кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“.
Хьалдолчу Элан Са дагца ду Сан, хӀунда аьлча Везачу Эло Со къобалвина мискачарна хаза кхаъ кхайкхо. Цо хьажийна Со дог доьхначарна дарба дан, йийсархошна паргӀатдовлар кхайкхо, тутмакхаш набахтера арабаха,
Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цӀанбе, харц жинаш дӀалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дӀало.
Ӏийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дӀа а вахана, Галилай-махкарчу гӀаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира.
Муьлхачо кхочушдина шайн ден дехар?» Цара элира: «Хьалхарчо». ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Аса шуьга: ял гулъешбершший, нахаца лелаш болу зударий Делан Олалла шул хьалха тӀелоцуш бу.
Цундела Аса боху шуьга: Делан Олалла, шуьгара схьа а даьккхина, цунах Далла пайда бийр болчу нахе дӀалур ду.
Къа ду шун, Ӏелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тӀелаца боьду некъ дӀакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта.
«Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохура Цо.
Цу хенахь дуьйна схьа Ӏийса кхайкхам бан волавелира: «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохуш.
ТӀаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тӀеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дӀабуьйлабелира векалш.
Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чӀогӀа Делан Олалла тӀелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву.
Цо дӀахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а.
Ӏийсан векалш дӀабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш.
«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тӀаьхьахӀотта лууш хьо велахь, ваха а гӀой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Ӏийсас.
Нукха-Демис, буьйсанна Ӏийса волчу а веана, элира Цуьнга: «Рабби! Хьо Дала ваийтина устаз вуй хаьа тхуна. ХӀунда аьлча шеца Дела ца хилча, цхьаьнгге а гайталур яц и Ахь гойтуш йолу тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш».
Кипа чоьхьа ваьлча, Корнил, цунна дуьхьал а веана, цуьнан когашка гора вуьйжира.
Дуьхьало йоцуш а, майрра а Делан Олалла а кхайкхош, Дала леррина къобалвинчу Везачу Элах Ӏийсах лаьцна хьехам бора цо.
Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а.