Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 10:4 - Делан Йозанаш

4 ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьо Ӏийсана ямартло йина волу.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 10:4
19 Referencias Cruzadas  

Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ волчу ЯхӀуд-Искархочо, динан коьрта дай болчу а вахана,


элира: «Суна хӀун лур ю аша, аса Иза шайна дӀалахь?» Цара ткъе итт дети ахча лур ду шаьш элира.


«Шуна хууш ду ши де даьллачул тӀаьхьа „Пасахь“ олу деза де тӀекхочуш дуйла а, Адамийн КӀант жӀарах дӀатоха дӀалур вуйла а».


Ӏийсас иза олучу хенахь веана схьакхечира шийттаннах цхьаъ волу ЯхӀуд. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш динан коьртачу дайший, къаноший схьахьажийна хилла.


Ӏийсана ямартло йина волчу ЯхӀуд-Искархочо, Цунна кхел йинийла хиъча, дохко а ваьлла, шена делла долу ткъе итт дато ахча динан коьртачу дайшний, къаношний юхаделира.


ТӀаккха ЯхӀуд Искархо, Ӏийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тӀевахара, ямартло а йина, Ӏийса церан кара дӀавалархьама.


Оцу сохьта, Ӏийсас и оллушехь, тӀевеара ЯхӀуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тӀаьхьахӀоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Ӏелам наха а, баккхийчара а.


ТӀаккха ЯхӀудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхӀуд Ӏийсан шийтта векалх цхьаъ вара.


Ӏийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогӀура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхӀуд. Иза Ӏийсана тӀевеара – Цунна барт баккха.


Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана.


Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХӀунда аьлча Ӏийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а.


Цо и элира ШамӀа-Искархочун кӀантах ЯхӀудах лаьцна. ХӀунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тӀаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Ӏийсана.


ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг.


ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг».


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios