3 Пилап, Барталамай, ТӀама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада,
Цо цаьрга а ла ца догӀахь, динан гуламе дӀадийца. Цо цаьрга а ла ца догӀахь, кхечу къаьмнех болчу нахаца я ял схьагулъеш болчаьрца санна, юкъаметтиг лелае цуьнца.
Царна юкъахь Магдалера Марем а, Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Зевадин шина кӀентан нана а яра.
Ӏийса цигара дӀавоьдучу хенахь Цуьнан бӀаьрг кхийтира Маттай цӀе йолчу стагах. Иза ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира: «Суна тӀаьххье схьавола!» Маттай, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьхьа дӀавахара.
Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра.
Юххехула чекхволуш, Цунна ХӀалпайн кӀант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Ӏаш. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» Леви, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьххье дӀавахара.
Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг),
«Ши стаг вахана Делан цӀа чу доӀа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг.
Парушхочо, дӀа а хӀоьттина, доӀа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хӀара ял гулъеш верг санна со ца хиларна.
Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бӀаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тӀе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш.
Цу гӀалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цӀе Закай яра.
Цул тӀаьхьа, ара а ваьлла, схьавогӀуш, ял йоккхуш волу, Леви цӀе йолу цхьа стаг гира Ӏийсана. Леви ял схьагулъеш болчеран бун чохь Ӏаш вара. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!»
НатунаӀила хаьттира Ӏийсага: «Со мичахула вевза Хьуна?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Хьо инжиран дитта кӀел Ӏаш волуш, Пилап хьоьга кхайкхале дуьйна а, Суна хьо гуш а вара, вевзаш а вара».
ТӀаккха ТӀамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».
Искархо а воцуш, кхечу ЯхӀуда элира Ӏийсага: «Веза Эла! И хӀун ду? Хьо тхуна хӀунда гайта воллу Хьо, дуьненна а ца гойтуш?»
ТӀаккха ТӀамас элира Цуьнга: «Веза Эла, тхуна-м ца хаьа, Хьо стенга воьду, тхуна муха бевзар бу и некъ?»
Ӏийсас элира цуьнга дуьхьал: «Оццул дукха хенахь дуьйна ву Со шуьца, ткъа хӀинца а ца вевза хьуна Со, Пилап? Со гиначунна Да а гина, ткъа ахьа и муха боху: „Гайтахьа тхуна Да“?
Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара.
ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг.
Куьйган эшарца уьш совца а бина, Кипас дийцира ша Дала набахтера араваккхарх лаьцна. «Кхунах лаций Якъубана а, кхечу вежаршна а дийцалаш», – аьлла, кхечу метте дӀавахара иза.
Уьш бевлча, Якъуба элира: «Вежарий, ладогӀалаш соьга.
ШолгӀачу дийнахь ПахӀал тхоьца Якъуб волчу веара. Иза волчохь берриге а тхьамданаш гулбеллера.
Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.
Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Ӏийсах тешаш болчу наха шайн гӀортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагӀаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.
Делан а, Цо леррина къобалвинчу Ӏийса-Элан а лай волчу Якъубера дуьнен чухула дӀасадаьржинчу шийтта тайпане маршалла ду.
Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лено, Якъубан вашас, ЯхӀуда Дала тӀекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас ларбечу а нахе: