Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 10:2 - Делан Йозанаш

2 Цу шийтта мурдан цӀераш яра: дуьххьарлераниг – ШамӀа, Кипа аьлла цӀе тиллина волу. Цуьнан ваша Ӏандар, Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя,

Ver Capítulo Copiar




Маттай 10:2
44 Referencias Cruzadas  

Ялх де даьлча, Ӏийса, Шеца Кипий, Якъуббий, цуьнан ваша Яхьъяй схьа а эцна, цаьрца лекхачу лам тӀе хьала а ваьлла, адам доццучу метте юьстахвелира.


Цу хенахь шен кӀенташца Зевадин зуда тӀееара Цунна. Гора а хӀоьттина, Цуьнга дехарца йистхилира иза.


Цо Шеца Кипа а, Зевадин ши кӀант а вигира. ЧӀогӀа сингаттаме а, йиш йоьхна а вара Иза.


Цхьана дийнахь, Галилай-Ӏам йистехула дӀавоьдуш, Ӏийсана ши ваша гира: ШамӀий, тӀаьхьо Кипа аьлла цӀе тиллина волу, Ӏандаррий. Уьш чӀерийлецархой бара. Кхунна гиначу хенахь ши ваша хи чу чӀерий лоьцу бой тосуш воллура.


Уьш дӀабоьлхуш, Зевадин ши кӀант – Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира Ӏийсана. Ший а ваша шайн деца Зевадица хинкеман чохь вара, чӀерий лоцу бойнаш тоеш. Ӏийсас уьш а кхайкхина тӀебалийра.


Ӏийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цӀа чуьра ара ма велли, ШамӀа а, Ӏандар а волчу цӀа вахара.


Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча:


Векалша юхабирзича, Ӏийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гӀуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга.


Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“.


Хан тӀекхаьчча, Ӏийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира.


Ӏийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гӀой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», – аьлла.


Иштта цецваьлла вара Зевадин ши кӀант, Якъуб а, Яхьъя а – ШамӀин накъостий. Ӏийсас элира ШамӀе: «Кхера ца оьшу! ХӀинца дуьйна адамийн синош лецархо хир ву хьо».


Векалша, юха а баьхкина, дийцира Ӏийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цӀе йолчу гӀали юххехьа дӀавахара Ӏийса.


Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург.


Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара.


ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».


Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара.


Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.)


И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.


ТӀаккха Ӏийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дӀакъаста?»


Ӏийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду».


Цо и элира ШамӀа-Искархочун кӀантах ЯхӀудах лаьцна. ХӀунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тӀаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Ӏийсана.


Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамӀа-Кипин вашас Ӏандара, элира Ӏийсага:


ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг.


Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира.


Омра а дина, Яхьъян ваша Якъуб тур тоьхна вейтира цо.


Кипий, Яхьъяй вара суьйренан ламазе Делан цӀийнан керта воьдуш.


ТӀаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дӀахӀоьттира. Цул тӀаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дӀахӀоьттира Иза.


Цо Ша дӀахӀиттийнера цхьаберш векалш бина, шолгӀанаш пайхамарш бина, вуьш хаза кхаъ кхайкхорхой бина, кхинаш, Ӏуьно жа санна, динан тоба Ӏалашйийраш а, динан хьехамчаш а бина.


Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векалера Кипера Дала къастийначаьрга, аренца лелаш, хийрачу мехкашкахула: Понтехула, Галатехула, Каппадокехула, Асиа-махкахула, Битхьуни-махкахула дӀасабекъабеллачаьрга.


Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас.


Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Ӏаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу.


Тхьамда волчу аса яздо хьоьга хӀара кехат, сан хьоме Гаяс. Суна хьо билггал дукхавеза.


Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина.


Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со.


Яккхийелаш шу, стигалш! Даккхийделаш шу, Делан долахь дерш а, векалш а, пайхамарш а! ХӀунда аьлча Дала кхел йина цунна, цо шуна мел дина вон бахьанехь.


Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios