12 Шаьш хьошалгӀа доьлхуш, шаьш тӀеоьцуш волчу хӀусамдега маршалла хатта.
Иза чӀогӀа духахьара тайпа ма ду. Амма цара хьоьга ладогӀахь а, я ла ца догӀахь а, шайна юкъахь пайхамар вехаш хилар хоийла царна.
Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц.
Аша дӀаделла долу маршалла тӀеэца хьакъ долуш и хӀусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хӀусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хӀусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла.
Шуна хаьа хир ду Дала Исраилан халкъана бахьийтинчу кхоах лаьцна. Массеран а Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца бинчу бартах лаьцна бу и хаза кхаъ.
Тхо Дала леррина Къобалвинчун цӀарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!»
Аса дог доху, кестта хьо гаре, юьхь-дуьхьал а волуш, вовшашца къамел дархьама.
Набале иштта ала: „Маьрша хуьлда хьо, маьрша хуьлда хьан мел долу хӀума а.