10 Шаьш новкъа довлуш, некъан тӀоьрмаг а схьа ма эца, шайна тӀехь йолу бедаршший, мачашший бен. Ӏаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца.
Дисинарг аша шайн доьзалшца даа мегар ду муьлххачу а меттехь. Гуламан четарца боьзна болчу балхах шуна луш болу мах бу иза.
Шаьш муьлххачу гӀала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тӀелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Ӏе, шаьш дӀадаха хан тӀекхаччалц.
Ткъа уьш дӀабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хӀумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тӀоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Ӏаса йоцург.
Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».
«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Ӏаса а ма эца, я тӀоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга.
Троя-гӀалахь Карпу волчохь ас йитина сан тӀеюхуш йолу йовха палаш а, сан тептарш а, къаьсттина тӀаьрсигна тӀехь яздина дерш, схьадахьа, хьо вогӀуш.
Коьжалг шен кара а лаьцна, татол чуьра пхи шера тӀулг а хаьржина, уьш шегахь болчу тӀоьрмаг чу а дехкина, и тӀоьрмаггий, ширдолаггий карахь а долуш, иза пӀелаштамхочунна дуьхьалвахара.
Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гӀур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хӀума ма яц: тӀоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгӀат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хӀун лур ю?»