8 Аса – ЯхӀушаптин да, ЯхӀушапти – Йораман да, Йорам – Ӏузи-ЯхӀун да,
ТӀаккха Аса-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан метта паччахь хӀоьттира ЯхӀушапти.
ТӀаккха дерриг а ЯхӀудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу шен ден Амци-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоттийра.
ЯхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптис паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Ахьабан кӀант ЯхӀурам. Цо шийтта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира исраилхошна тӀехь.
Ахьабан кӀанта Йорама Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, ЯхӀудан халкъана тӀехь ЯхӀушапти паччахь волуш, яхӀудхойн кхин паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀурам.
ЯхӀушаптин кӀант хилира ЯхӀурам. ЯхӀураман хилира кӀант Ахьаз-ЯхӀу. Ахьаз-ЯхӀун хилира кӀант Юаш.
ЯхӀушапти, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь, Даудан гӀалахь, дӀавоьллира. ЯхӀушаптин метта паччахь хилира цуьнан кӀант ЯхӀурам.
Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла, РахьбуӀам – Аби-ЯхӀун да, Аби-ЯхӀу – Асин да,
Ӏузи-ЯхӀу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхӀун да,