Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 1:7 - Делан Йозанаш

7 Сулим-паччахь РахьбуӀаман да хилла, РахьбуӀам – Аби-ЯхӀун да, Аби-ЯхӀу – Асин да,

Ver Capítulo Copiar




Маттай 1:7
11 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.


ТӀаккха РахьбуӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Цуьнан ненан цӀе НаӀмат яра. Иза Ӏамминхо яра. РахьбуӀаман метта цуьнан кӀант Аби-ЯхӀу дӀахӀоьттира паччахь хилла.


Шен паччахьалла дӀа а хӀоттийна, ша чӀагӀвелча, РахьбуӀама а, цуьнца цхьаьна берриге а исраилхоша а Везачу Элан товрат-хьехам дӀатесира.


Эхь доцу, баьсса нах ЯрбаӀамна гонах а бевлла, Сулиман кӀантана РахьбуӀамна дуьхьал а бевлла, чӀагӀбелира. Ткъа къона а, дагна кӀеда а волу РахьбуӀам царна дуьхьал ца латтавелира.


ТӀаккха Сулим-паччахь, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен ден Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Сулиман метта паччахь хилира цуьнан кӀант РахьбуӀам.


Аса – ЯхӀушаптин да, ЯхӀушапти – Йораман да, Йорам – Ӏузи-ЯхӀун да,


ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла.


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios