Маттай 1:6 - Делан Йозанаш6 Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхӀугахь марехь хилла. Ver Capítulo |
Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гӀайгӀане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дӀатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маӀа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гӀала гӀо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кӀенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина».
Шу массо а суна дуьхьал хӀунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хӀунда ца аьлла, сан кӀант Юшайн кӀантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кӀант, хӀинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кӀанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а».