4 Рам Ӏамминадабан да хилла, Ӏамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да,
ЯхӀудан тӀаьхьенах – Ӏамминадабан кӀант Нахьшон;
Хьалха ЯхӀудан тӀаьхьенах болчу наха айира байракх, тӀеман кепехь шайн тобанаш арайовлуш. Царна тӀехь куьйгалла деш Ӏамминадабан кӀант Нахьшон вара.
Малхбалехьа, малх схьакхетачу агӀор, ЯхӀудан тайпанан меттаматтан байракх хьалаойур ю, ткъа оцу тайпанах болу нах, шайн тӀеман тобанашка хьаьжжина, цигахь дӀанислур бу. ЯхӀудан тайпанна тӀехь куьйгалла дийр ду Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона.
Хьалхарчу дийнахь яхӀудхойн тайпанах волчу Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона шен совгӀаташ деара.
Бертан сагӀина лерина беанера ши сту, пхи ка, пхи бож, шаре баьлла болу пхи Ӏахар. Уьш дара Ӏамминадабан кӀанта Нахьшона деана совгӀаташ.
ЯхӀуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да.
Салман – БоӀазан да. БоӀазан нана Рахьаб хилла. БоӀаз Ӏабадин да хилла. Ӏабадин нана Рути хилла. Ӏабади Юшайн да хилла,
Дауд Юшаян, Юшай Ӏабадин, Ӏабади БоӀазан, БоӀаз Салманан, Салман Нахьшонан,