Biblia Todo Logo
La Biblia Online

- Anuncios -




Маттай 1:3 - Делан Йозанаш

3 ЯхӀуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да.

Ver Capítulo Copiar




Маттай 1:3
13 Referencias Cruzadas  

ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе». Тамара шен ден цӀа дӀаяхара.


Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда.


ЯхӀудан кӀентий: Ӏаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Ӏаьр а, Онан а КанаӀан-махкахь кхелхинера). Парасан кӀентий: Хьацрани, Хьамал.


ЯхӀудан хилира хӀара кӀентий: Парас, Хьацрани, Карма, Хьор, Шубали.


Зерахьан тӀаьхьенах вара ЯӀуал а, цуьнан вежарий а. ЯхӀудан тӀаьхьенах верг верриг а ялх бӀе везткъе итт стаг вара (690).


ИбрахӀим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхӀудан а, цуьнан вежарийн а да,


Рам Ӏамминадабан да хилла, Ӏамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да,


Нахьшон Ӏамминадабан, Ӏамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхӀудан,


Síguenos en:

Anuncios


Anuncios