25 Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кӀентан цӀе Ӏийса тиллира.
Шаулан йоӀан Михулин ша елла дӀаяллалц бераш ца хилла.
И йоӀ чӀогӀа хаза яра. Цо дика дола дора паччахьан, амма паччахьо цунах куьг а ца туьйхира.
«Исраилхойн хӀора хьалха вина кӀант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду».
Хьалха чудерзийна ялта а, кемсийн мутта а, зайтдаьтта а Суна шен хенахь схьало. Дуьххьара шайн хилла кӀант а схьало Суна.
Цо кӀант вийр ву. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллалахь, хӀунда аьлча Цо Шен къам къинойх кӀелхьардоккхур ду».
Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра.
Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь.
БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.
Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.
Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КӀентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама.